范晓莉:创新形式 深入推进党的创新理论大众化
Берелла[1], дошлочо говр хохкуш гимнастикин а, акробатикин а упражненеш йен, говран спортан т?еман-прикладан кеп[2].






Берелла кхоллайелла Кавказан, Йуккъера Азин, г?азакхийн къаьмнашкахь т?ехиина хахкаран хила деза хьесап санна, берие а, говр а кечйеш. Г?азакхийн спортан кеп[3]. Берелла вольтижировкин бух бу.
Берелла — циркан жанр[4]; т?ехиина хахкаран тайпа, хохкучу хенахь дошлоша:
- гойту башха ?амийна говран т?ехдика урхалла;
- ?алашонна хаьхкина боьлхушшехь герз туху;
- кхочуш йо ж?аккица эффектан упражненеш а, хала акробатикин кхийсадаларш а.
Берелла г?оле йу дошлойн вольтижировкел, шен боларца а, трюкаш алсама хиларца а.
Дуьххьарлера артист — берие, циркан жанран бух биллинарг, лору Гудцов Агубе (1880—1968), XX б?ешеран йуьххьера х?ирийн циркан берие, цуо шен говзаллица дукха мехкашкара хьовсархой т?еберзийра шена[5][6].
Советийн а, российн а циркан береллин жанрера г?арабевлла говзанчаш: Алибек Кантемиров, Михаил Туганов, Ирбек Кантемиров, Мухтарбек Кантемиров, Дзерасса Туганова, Тамерлан Нугзаров, Хьаким Зарипов, Давлет Ходжабаев, Юрий Мерденов, кхин берш а.
Истори
б?аьра нисйанДуьххьара берелла хьахийнарг Ксенофонт[7] ву.
Чолхе дакъалгаш а, XIX б?ешарахь уггаре ч?ог?а йаьржина а йара берелла г?азакхашна йукъахь . 1899 шарахь арахецна Мог?анера г?азакхийн г?уллакхан уставехь дуьйцу: (х?окху заманан орфографи)
Ст.205. Береллин ?алашо г?азакхийчунна майралла а, каделла а кхиор йу, цундела берелла оьшу х?ора г?азакхийчунна.
Ст.209. Берелла йекъало: 1) Берриг г?азакхашна декхар дина т?ейиллинарг (кхочуш йо герзаца а, новкъан мохьца а); 2) парг?ата а, герз а, мохь а боцуш.
Декхар дина т?ейиллина береллин йукъайог?у:
- говран т?ера герз тохар а, мундина тур тохар а
- лаьттара х?уманаш схьаэцар
- г?аш волу накъост говр т?еваккхар
- цхьамма йа шимма бериечо човйинарг д?авахьар
- ор чохь говр т?ера охьаэккхар а, т?еэккхар а.
Парг?ата береллин упражненеш йара:
- берелла гоьмукъца,
- ор чу говр йижо хаар,
- шина йа кхаа говр т?ехь цхьаьна говр т?ера кхечунна т?е а хууш хахкар,
- тобанашца хахкар,
- ирахь хахкар,
- корта ?ункара болуш хахкар,
- ор чохь говр т?ехь хьовзар, уьхь т?ехьа йирзина хахкар,
- Хаьхкина воьдушехь говран нуьйр д?айаккхар.
Сытинан арахецаран т?еман энциклопедехь (1911—1915) билгалйоху береллин лахара кепаш:
Сурт х?оттор
б?аьра нисйанХ?окху заманан спортан берелла — говран спортан тайпа ду, хьалхе билгалйоккху уггаре дикачу бериечун, индивидан спортан ?т?еман? приемаш, хенан гуранна чохь а, кхочушдарехь а баллашкахь мах хадорца.
Берелла хьажийна йу спортхочун каделла, майралла, доьналла, говр лелоран лакхара говзалла кхио.
Къийсамашна йукъахь хуьлу дакъош: ?Лерина берелла? а, ?Парг?ата берелла? а. ?Лерина береллин? декъана йукъайог?у упражненеш: ?Гоьмукъ лелор?, ?Тапча кхоссар а, урс ластор а?, ?Ж?акка лелор?, ?Стела ?ад кхоссар?.
?Парг?ата береллин? декъехь цкъа д?ахахкарца бериено 6 упражнени кхочуш йан йеза, уьш шайн рог?ехь чолхаллин 4 категори йу. Упражнени шозза йан цамагадо. Категорин т?ег?ане хьаьжжина упражнении йаран мах оьцу чолхаллин коэффициентца — 1, 2, 3, 4.
Упражненийн кепаш
б?аьра нисйанI категорин чолхаллера упражненеш. Коэффициент — 1.
1. Луьйтанна т?ехь латтар.
2. Пурхнехьа нуьйран т?евижина хахкар.
3. Говран вортанан т?ехула нуьйранна чу а хууш охьаэккхар.
4. Говран гаъ т?ехула нуьйранна чу а хууш охьаэккхар.
5. Нисса текхор.
6. Г?азакхийн луьйта хадар.
7. Охьа а ца оьккхуш говран вортанан ехь букъ хьалха болуш хахкар (зударий).
8. Г?азакхийн кхазар.
9. Луьйтанна т?ехь латтар — ?байракх? (зударий).
10. Луьйтан т?ехь ч?ег?ардиг.
16.2 II категорин чолхаллера упражненеш. Коэффициент — 2..
11. Корта лахахь болуш латтар.
12. Нуьйранна т?е а х?оьттина хахкар
13. Нуьйранна т?ехь ч?ег?ардиг.
14. Йуханехьа текхор.
15. Г?азкхийн луьйтан доьхкарчий хадар.
16. Боларан дуьхьала охьаэккхар.
17. Йуханехь г?азакхийн кхазар (зударий).
18. Говран лаг т?ехь пурх йижина хахкар (зударий).
16.3. III категорин чолхаллера упражненеш. Коэффициент — 3.
19. Х?оъ гуонаха хьовзар.
20. Гуо боккхуш (боларца) хьовзар.
21. Теркан хьовзар.
21. Теркан хьовзар.
22. Уралан хьовзар.
23. Тукарш.
24. Шинне аг?ор охьакхийсадалар.
25. Лаьттара х?уманаш схьаэцар.
16.4. IV категорин чолхаллера упражненеш. Коэффициент — 4.
26. Говран бухахула дехьавалар.
27. Говран вортанна бухахула валар.
28. Уралан таттар.
29. Корта лахахь болуш белш т?аьхь латтар
30. Циркан (гоьрга) хьовзар
Билгалдахарш
б?аьра нисйан- ↑ А.Исмаилов, Дош, Русско-чеченский словарь, Грозный, 2009, стр.35
- ↑ Цитатийн г?алат:
<ref>
тег нийса йац; кхуавтоссылка1
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ Из истории джигитовки. Архивйина 2025-08-07 — Wayback Machine
- ↑ Джигитовка — horsetimes.ru
- ↑ Гудцов Агубе Куциевич
- ↑ Агубе Гудцов и его княжна Биаслант(Т?е цакхочу хьажорг)
- ↑ Жизнь в кредит — О джигитовке и вольтижировке
Литература
б?аьра нисйан- Устав строевой казачьей служьы, часть I, 1899 год.
Хьажоргаш
б?аьра нисйан- Статья об истории Джигитовки
- История джигитовки и её современность.
- Джигитовка совместной команды Кремлёвской школы верховой езды и Президентского полка.
Х?ара йаззам табарна бакъхьа ду?: |