每个人都有一段回不去的时光时光盔甲奶茶
Зе?разакъ йа Домкрат (схьадаьлла нидерл. dommekracht) – шена т?иера йа т?етесна кира хьалаойу стационаран, д?асаяхьаран йа д?асалеларан механизм. Зеразакъаш хуьлу рейкан, винтан, гидравликан, зайлан, пневматикан.


Оцу механизман уггаре яьржина верси — цхьаъ йа масех чкъург хийца ?алашо йолуш, автомобиль хьалаойу д?асаяхьаран йа д?асалеларан зеразакъ. Дукха хьолахь жима автомобилаца хуьлу жима винтан зеразакъ, болх бойту адаман куьйган ницкъаца.
Гидравликан автомобилан зеразакъ, трансмиссин б?ог?ам а олу, лелайо автосервисашкахь автомобилан дакъош а, агрегаташ а монтаж а, демонтаж а ечу хенахь кира хьалаойуш а, д?асалелош а. Х?иттайо хьажаран ор т?ехь, эстакадехь йа электрийн ойбучун гергахь. Иза бу гидравликан б?ог?ам, шен гуран чохь гидроцилиндр а, куьйга поршенан насос а йолуш, цуо латтайо автономилла, лакхара эффекталла, кхерамазалла ремонт ечу хенахь. Автомобилан агрегат йа дакъош схьадахархьама, б?ог?амаш хила тарло тайп-тайпанчу хуьйцу дакъошца комплектехь.
Самукъане фекташ
б?аьра нисйан- Шира дийцар ду, зеразакъ ширачу заманахь лелош хилла т?еман г?уллакхехь гуо бинчу г?алан кевнаш кегго г?ирс санна. Оцу бахьнехь зеразакъан конструкци къайлаяьккхина хилла. Ширачу дийцарах теша мегар делахь, зеразакъан конструкци йоьхкина (историн бевза дуьххьарлера шпионажан болх). Кхечу версица, волавелла лела сурт диллархочо сурт диллина зеразакъан т?етевжинчу элан. Цул т?аьхьа цуо сурт юха а диллина д?аделла (д?адоьхкина) девнен аг?онан.
- Дуьххьарлера автомобилан гидравликан зеразакъ ян ойла кхоллаелира ц?еххьана. Цуьнан автор — автомобилаш тоеш волу Лунати Питер, парикмахер волчохь цунна гира, пхьеро атта д?ач?аг?дира г?ант оьшучу локхаллехь. Шо а ца делира, 1925 шарахь Лунатис йира автомобилан платформан зеразакъ юккъехь гидравликан б?ог?ам болуш, куьйга насос йолу гидроагрегатах екхаш йолу.
Литература
б?аьра нисйан- Таненбаум А. С. Домкрат // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Домкрат // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
Х?ара чекхбаккханза йаззам бу г?ирсах я кечамах. Г?одехьа Википедина, х?ара йаззам т?ебуьзна. |